Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша тахана шайн Везачу Эле дІахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тІедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугІур дуйла а. со толамца цигара юхавирзинчул тІаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагІина дІалур ду Аса, иза дага а деш». Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Іаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь Іамал йийр ю“», – аьлла. Шаулан кІентан кІант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тІера хІума а ца цІанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тІекхаччалц. Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргІат цІа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дІаэцахьара».
Выбор основного перевода