Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чІагІо е, КанаІан-махкара цхьа а йоІ сан кІанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Іаш ду, амма канаІанхо ма ялаяйталахь цуьнга. Сан махка, сан гергарчу нахана тІе а гІой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола». Ялхочо хаьттира цуьнга: «Оцу зудчунна соьца кху махка ян ца лаахь, хьан кІант хьо схьаваьллачу махка дІавига везий ас?» «ХІан-хІа! И дан мегар дац! – элира ИбрахІима. – Ма вига сан кІант цига.
Выбор основного перевода