Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Беталахь хьуна дуьхьал хІоьттина волу Дела ву, ахьа тІулга тІе даьтта а доьттина, Суна чІагІо йинчу меттигехь. ХІара латта Іадда а дитий, хьо винчу махка сиха дІагІо“». Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тІулг дІахІоттийра Якъуба. Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тІулг хІоттийра. Цу тІе Далла лерина чагІар а, даьтта а доьттира цо. Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тІе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас. ВорхІазза сагІа доккхучу кхерча тІе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гІирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тІе даьтта доьттира уьш къобалъян. АхІаронан коьрта тІе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. Цул тІаьхьа Шамъала, тІулг схьа а эцна, иза МицІпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тІулган цІе Абани-Іазар тиллира цо (иза «гІо ден тІулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хІокху метте кхаччалц вайна гІо дина».
Выбор основного перевода