Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». Дала элира Якъубе: «Бетал цІе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Іесавах хьо ведда вогІучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечъе цигахь». ИбрахІимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дІало Ас, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас иза». Якъуба элира Юсупе: «КанаІан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со.
Выбор основного перевода