Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». ЛутІа дІакъаьстинчул тІаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДІасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал. Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Ас алсамйоккхур ю хьан тІаьхье, Лаьтта тІера гІум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гІамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тІаьхьенаш а ягарлур яра. ИбрахІимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Хьан тІаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.
Выбор основного перевода