Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ткъа Ибрам КанаІан-махкахь висира. ЛутІа тогІи чохь йолчу гІаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тІекхаччалц дІа а вахана, шен четарш хІиттийра цо. «Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хІоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гІерта хьо?» – элира цу стага. ТІаккха Муса кхеравелира. «ХІинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. ШолгІачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гІоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХІунда лета шу вовшах?“ Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьан хІоттийна хьо? Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гІерта хьо?“ Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутІа кІелхьарваьккхина Цо. (ХІунда аьлча царна юкъахь Іийна и Делан лаамехь волу стаг хІора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гІуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.)
Выбор основного перевода