Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шу оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар тохале Соьга уьш хІаллакбайтархьама». Халкъе Мусас элира: «ХІокху зуламечу нехан четаршна юххера дІа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хІуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тІе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера. Изза дара ЛутІа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дІадоьра, гІишлош йора. ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
Выбор основного перевода