Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гІала, Седам а, Іамор а санна, Дала хІаллакйийр ю. Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дІаяхаре терра, – боху Везачу Эло, – иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду». Амма ЛутІа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догІа санна, деанчу цІеро а, саьмгало а дерриг а адам хІаллакдира. ХІаллакьян кхел а йина, чим бина дІаяьхна Цо Седам а, Іамор а цІераш йолу гІаланаш, Іесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.
Выбор основного перевода