Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш гІалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХІинца довда, шайн синош кІелхьардаха! ГІалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогІи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дІагІо, довдий. Нагахь совцахь, гІалица цхьаьна хІаллакьхир ду шу!» Соьца, шайн ялхочуьнца, чІогІа лараме ду шу. Аша сан дахар кІелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДІа а ца кхиъна, вала там бу со. ТІаккха ЯхІуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дІа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тІаьхье хилийта». Амма Онанна хаьара оцу тІаьхьенан да ша хир воций, цундела хІоразза а вешин зудчуьнца дІавижча, бер ца хуьлу агІо лелайора цо. «Нагахь санна цхьаьна Іаш болчу вежарех кІант воцу цхьа ваша дІакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама.
Выбор основного перевода