Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара. Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догІмаш бехдира. Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догІмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгІазло шайн коьрта тІе йоуьйтура цара. Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.
Выбор основного перевода