Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. «Со шуна юккъехь тІевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дІаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дІаерзо», – элира цо цу нахе. Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахІим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахІимна делла, хьо хІинца тІевеана стаг а хилла Іаш волу латта хьан дола долийла». Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. «И Дела абаденналц вайн Дела ву. Вай делла дІадовллалц Иза вайн урханча ву». ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда. Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаІанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду». Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кІант а хир ву.
Выбор основного перевода