Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала. Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. И бохург хІара ду: ИбрахІиман дегІах а, хотІах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваІданца схьабевлларш бен. Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гІала кечйина.
Выбор основного перевода