Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шуна юкъахь Іаш волчу тІевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цІийнах болу боьрша нах сунтбе. ТІаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дІахададейша, ма хилийша кхин дІа а юхахьара. Юха Дала ИбрахІимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахІима, Исхьакхан да ша хилча, борхІалгІачу дийнахь иза хадийра. ТІаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира. Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дІахІоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору.
Выбор основного перевода