Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гІо, Ас хьайга Іе аьллачу лаьтта тІехь Іе. Цу лаьтта тІехь Іе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан дена ИбрахІимна Айса йина чІагІо кхочуш а йийр ю. Хьан тІаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахІиман дуьхьа, хІунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».
Выбор основного перевода