Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тІаккха сан кІантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна. Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш. ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цІе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цІарца Ас царна Со вовзийтина вац. Шайн Везачу Далла хьалха цІена хила». ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза. Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила».
Выбор основного перевода