Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“ – аьлла. Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, – аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кІант. Цу кІентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза. Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кІант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тІаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду». Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дІахІоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. Иштта, ИбрахІим вукху тобанан а да хилла дІахІоьттина. Сунтдар тІеэцна хилла а ца Іаш, вайн да волчу ИбрахІиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогІу.
Выбор основного перевода