Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ГадІана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш. Хьузакх-ЯхІус ЕшаІ-ЯхІуга хаьттира: «ХІун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгІачу дийнахь со Везачу Элан цІийне гІур ву аларан?» «Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю». Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас». ТІаккха ЕшаІ-ЯхІус элира: «ЛадогІа соьга, Дауд-паччахьан тІаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу? Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».
Выбор основного перевода