Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла хезира кІант ша Іуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХІажаре: «ХІун хилла, ХІажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кІант воьлхуш. Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу, ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду». Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Бел-Ташацар цІе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чІогІа хала а дара. ДуьхьалхІоьттинчу суьртехула Даниална дІахоуьйтура цу хааман маьІна. Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий! Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Дика стаг баланех кІелхьарволу, цуьнан метта цу балано Іеса стаг дІалоцу. Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доІанна жоп делла: Элисата кІант вийр ву хьуна. Цуьнан цІе ахь Яхьъя туьллур ю. Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина! Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тІевогІуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгІат луш хиларх а.
Выбор основного перевода