Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Амма оцу халкъана тІехь гІело мел йо а, иза тІеттІа дебара, цу махкахула дІасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх. Исраилхоша Мисарахь диъ бІе ткъе итт шо даьккхинера. Дала элира цуьнга: „Хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш.
Выбор основного перевода