Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ТІахьир, шеца шен кІант Ибрам, шен кІентан ХІаронан кІант ЛутІа а, нус Сарет а (шен кІентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гІалара КанаІан-махка ваха аравелира. Амма ХІаран-гІала кхаьчча, цигахь севцира уьш. Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. ДІавалуо, хьайн лаьтта тІехула йохалла а, шоралла а волалуо, хІунда аьлча хьуна дІало Ас иза».
Выбор основного перевода