Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цІийнера, со винчу махкара кху лаьтта тІе. ХІара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чІагІо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кІантана цигара йолу зуда харжийта. Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хІорда тІера ПІелаштам-хІорда тІе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тІе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тІаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. къилбехьа агІор долу шун доза дІадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хІордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дІагІур ду. Хьала а гІовттий, новкъа довла, дІагІо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Іариба-тогІене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тІе, НегІаб-аренга, хІордан йистошка. КанаІанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц Ливанун-махка а дІагІо. Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тІекхаччалц, Эпрат-хина тІера Дуьненаюккъерачу хІорда тІе кхаччалц хир ду шун дозанаш. Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду. Хьуна гира иза Хьайна тешаме хилар, цундела Ахьа цуьнца барт а бира. КанаІанхойн, хьетахойн, эмархойн, перезахойн, явсайхойн, гІиргІашахойн хилла долу латта дІалур ду элира Ахьа цуьнан тІаьхьенна. Хьайн ваІда Ахь кхочуш а дира, Хьо тешаме волу дела. Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тІера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе кхаччалц, кІа санна, ирхдугІур ду, ткъа шу, исраилхой, тІаьхь-тІаьхьа гулдина хир ду.
Выбор основного перевода