Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо иза бакъахьара гІуллакх санна лерина, массо а ханна, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка. Ткъа Делан Йозанаша хІун боху? «ИбрахІим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХІан-хІа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахІим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина. Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахІим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагІа элира.
Выбор основного перевода