Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, сихха царна тІе гІо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». Ара а валий, вистхила хьайн тІемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чІагІо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хІоттахь, хІара буьйса дІаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна». Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тІехь йинчу дойн гІудалкхийн мах ялх бІе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бІе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша. ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар.
Выбор основного перевода