Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. Везачу Эло Мусага элира: «Іабарим цІе йолчу лаьмнийн регІахь болчу хІокху лома тІе а валий, цу тІера дІахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте. Цу лаьтте дІахьаьжначул тІаьхьа, хьо дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву, хьан ваша АхІарон дІа-ма-кхеттара, Ткъа хьан лай волчу аса Везачу Эле доьху, сан цхьана гІуллакхна гечдехьа: нагахь сан олахо волчу арамхойн паччахьо Римун-гІалахь цІу-далла Іибадат деш, иза суна тІетовжахь, со цуьнца цхьаьна суждане ваха везар ву. Эццахь со суждане вахарна, суна гечдойла Везачу Эло». Куьг тІетовжош хилла волу шен тІеман хьаькам паччахьо гІалин кевнехь гІаролехь дІахІоттийнера. Ткъа халкъо и тІеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира. тІеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хІетахь аьллера: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!» Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода