8
Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТІаккха четар чуьра дети а, деши а, тІеюха бедарш а, схьа а эцна, дІа а бахана, и хІуманаш дІалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгІачу четар чуьра а еза хІуманаш, схьа а эцна, уьш а дІалачкъийра.