Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІай-гІалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тІаьхьавалаза. Шайн гІала схьайиллина йитира цара, мостагІашна тІаьхьа а бевлла. Цу хенахь йоккха мацалла хІоьттира оцу гІалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин цхьана кедах дато пхи ахча доьхура. Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гІалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тІехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чІогІа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гІо дехьа суна». Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гІо ца дича, аса хІун гІо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хІумма а яц. Я кІа а, я чагІар а дуй ткъа соьгахь?» ТІаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хІун лаьа?» Зудчо дийцира паччахье: «ХІокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кІант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“. Оха, сан кІант кхехка а вина, виира. ШолгІачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кІант, хІинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кІант дІалачкъийна!»
Выбор основного перевода