Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаІана тІе. ЭлишаІ шен цІа чохь вара. И волчохь хевшина Іаш къаной а бара. И геланча шена тІе а вале, ЭлишаІа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хІаллакдеш волчо, сан корта тІерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неІ дІакъовлалаш! НеІ тІе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тІаьххье схьавогІучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!» ТІаккха паччахьо шен куьг тІетовжош волчу тІеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!»
Выбор основного перевода