Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цІе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагІий а, ялхой а дІакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама». И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хІаллакбойтур бу и нах». Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цІаро мостагІий дІакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хІаллакван везаш ву. Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира.
4. Царств
Выбор основного перевода