Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Ахьаз-ЯхІу-паччахьна, Шамран-гІалахь долчу шен цІенойн лакхарчу цІийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гІой, Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубе хатта: „ХІокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий». ТІаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхІуга элира: «Вало, хьала а гІаттий, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, исраилхошна тІехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гІой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХІунда доьлху шу Іекхран-гІаларчу цІу-деле БаІал-Забубе хаттар дан?
4. Царств
Выбор основного перевода