Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тІе юхадерза. Аша цуьнга дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хІунда бохуьйту Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубина тІе хаттарца? Цундела хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“». Эли-ЯхІус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Іекхран-гІаларчу цІу-далла БаІал-Забубина тІе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Іуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву хьо“».
4. Царств
Выбор основного перевода