Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхІуга элира: «Вало, хьала а гІаттий, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, исраилхошна тІехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гІой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХІунда доьлху шу Іекхран-гІаларчу цІу-деле БаІал-Забубе хаттар дан? Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тІе юхадерза. Аша цуьнга дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хІунда бохуьйту Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубина тІе хаттарца? Цундела хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“». Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаІ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гІала веана аьлла хаам паччахьна тІе кхаьчча, паччахьо Хьазиале элира: «СовгІат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гІо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ – аьлла». Шовзткъа эмкална Дамасакх-гІалара уггар тоьлла долу совгІаташ тІе а дехкина, Хьазиал ЭлишаІана тІевеара. Цунна хьалха дІа а хІоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кІанта Бен-Хьадида, хьуна тІеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан». ЭлишаІа цуьнга жоп делира: «ДІа а гІой: „Хьо толур ву“, – ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дІадиллина суна», – элира ЭлишаІа. Со веана „кІант дена дуьхьал ваккха, йоІ – нанна дуьхьал, нус – марнанна дуьхьал яккха. Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Іелам наха олура: «Цунна чу БаІал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!»
4. Царств
Выбор основного перевода