Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яьссачу аренгара гунаш тІе а бевлла, оцу вуно дукха долчу эскаре дІахьаьжча, яхІудхошна гира лаьттахь Іохку декъий, шайна юкъара цхьа а кІелхьарваьлларг а воцуш. ТІаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хІора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цІахь Іара. Адунурама куьйгалла дора царна тІехь. Цо белхалошна тІехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тІе, амма исраилхоша иза, тІе тІулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуІам сихха гІудалкха чу хиира, Ярушалайме дІавадархьама.
Выбор основного перевода