Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тІехь йолу гІаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалІам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гІаланаш а. Цул сов, хІокху гІаланашкахь а Іаш бара уьш: Дор, Іейндар, ТаІнак, МагІидда, царна гонах йолу гІаланаш а (царах кхозлагІниг Напат яра). Ткъа Нимшайн кІант ЯхІу Исраилан халкъана тІехь паччахь хиларна даьтта тІе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гІалара волу Шаптин кІант ЭлишаІ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тІе доттарца къобалве. Иштта ЯкхмаІам-гІала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а,
Выбор основного перевода