Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тІера Хьермон-ломана тІекхаччалц долу хІара латта схьадаьккхира вай. (ЦІаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) Башан-мехкан паччахь волчу ІовгІин ерриге а аре схьалецира вай: тІапломахь мел йолу гІаланаш а, берриг а ГалІад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреІи а гІаланашна тІекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».
Выбор основного перевода