Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицІпа-гІалахь. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалІадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. Шаулан цІийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхІудан а мехкашна тІехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, паччахьалла Дауде дІа а лур ду». Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза. Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хІораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кІелахь Іа шайн уллораниг хьошалгІа кхойкхур ву“». Чкъургаш йолу дойн гІудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гІудалкхаш цхьа эзар йиъ бІе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гІалахь дІахІиттайора Сулим-паччахьо. Сулим-паччахьо гІудалкхаш а, дой а гулдира. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бІе гІудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара. Цо уьш гІудалкхаш дІахІоттош йолчу гІаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дІатарйира. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Іаш волчу Ярушалаймехь а, гІудалкхаш дІахІитточу гІаланашкахь а дІатарйинера уьш.
Выбор основного перевода