Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хІорда тІера ПІелаштам-хІорда тІе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тІе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тІаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду. Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Ва Дела, омра дехьа Хьайн ницкъаца. Гайтахьа Хьайн ницкъ, Ахьа хьалха ма-гайттара, ХІорда тІера хІорда тІе кхаччалц, Эпрат-хина тІера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду. Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеІар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гІуллакх дийр ду.
Выбор основного перевода