Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан хьекъалаллех а лаьцна – яздина ду Сулим-паччахьан гІуллакхех долчу тептар тІехь. Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тІехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам. Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а. РахьбуІам-паччахьо динчу хІуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тІера тІаьххьарлерчунна тІекхаччалц, яздина ду ШамІа-ЯхІу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Іиду-пайхамаран а тептарш тІехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тІехь. РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тІом лаьттира. Аби-ЯхІун кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел лелийначух а, цо мел аьллачух а лаьцна – яздина ду Іиду-пайхамаран хьехамечу тептар тІехь. Цхьана дийнахь ЯрбаІам Ярушалайм-гІалара араваьлла вогІуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара.
Выбор основного перевода