Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Іаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна. ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал туьйсина деши дахнера. Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана цхьа бІе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Пийлан кІомсарех доккха паччахьан гІант дайтира паччахьо, цунна тІе а цІена деши диллира. Оцу гІантана тІеваха йиллина ялх тІегІа яра. ГІантан букъ туху агІо тІехулара горга яра. ГІантан шина а агІор куьйган голаш хІотторгаш яра, царна хІоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара. Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тІегІанна шинна а агІор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гІант хІетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара. Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хІордкеманашца цхьаьна лелара. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. Шо шаре мел долу дукха адам догІура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богІуш цара хІораммо а совгІаташ дахьара: детих а, деших а йина хІуманаш, тІеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогІу хІуманаш, говраш, бІарзанаш. Чкъургаш йолу дойн гІудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гІудалкхаш цхьа эзар йиъ бІе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гІалахь дІахІиттайора Сулим-паччахьо. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цІе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.
Выбор основного перевода