Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цІе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тІееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гІала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тІехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогІучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тІулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш. Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цІа а. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дІахІотто чагІар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, чІогІа инзаръяьллера иза. Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». ТІаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бІе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогІучу бецийн хьакхарш а, деза тІулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогІу хІуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра. (Хьирам-паччахьан хІордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цІен дечиг а, деза тІулгаш а. Везачу Элан цІенна а, паччахьан цІенна а тІегІанашна тІехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гІортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХІетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цІен дечиг.) ТІаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгІатна еллачул а сов. Цул тІаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира. Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву». Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хІокху тІаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву.
Выбор основного перевода