Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Оцу чоьнна хьалха агІор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра. И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цІеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. Иштта дерриг цІа а, чохь цІена деши а диллина, дІахІоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зІенаш ехкира, царна тІе а деши диллира. Дерриг цІенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. Оцу цІийнан дерриг а пенашна тІе, чухула а, тІехула а, гобаьккхина аьгначу тІамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дІаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. Шина цІа чуьра цІенкъа тІе а деши диллира. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неІарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хІоттийнера зайт-диттан дечигах йина неІарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. Кхин ши неІ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неІаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. Царна тІехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тІе а цхьатерра аьгна деши диллира.
Выбор основного перевода