Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Кхин а цІестан ши бІогІам бира Хьирама. ХІора бІогІаман лакхалла берхІитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. Оцу бІогІамашна тІехула дилла цІастанах таж доьттира Хьирама. Церан хІораннан лакхалла пхи дол яра. БІогІамашна тІехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тІе юьйцинчу зІенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хІора тажана тІехь ворхІ-ворхІ яра. ТІаккха оцу бойнна гонах бІогІамашна тІехь долчу тажана тІехула цІастанах дина тІедехкина ши могІа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгІачу бІогІамна тІера тажана тІе а дехкира уьш. ЦІенна хьалхарчу ученех гІортийна дІахІиттийначу хазачу бІогІамашна тІехь таьжнаш дара. Уьш петІамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш. Оцу шина бІогІам тІехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могІанашца тІедехкина ши бІе наран стоьмийн куьцехь сурт дара. Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. ХІора бІогІам берхІитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бІогІамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пІелг шуьйра дара.
Выбор основного перевода