Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тІейирзина лаьтташ яра, важа ГебаІ-гІалина къилбехьара тІейирзина яра. Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». ЯхІушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тІехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чІагІо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац! Цо элира: «Массо а яхІудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхІушапти-паччахь, ладогІалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хІунда аьлча и тІом шун бац, иза Делан тІом бу. Дин а бац тешаме стаг кІелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кІелхьарвоккхур вац цо иза. Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кІелхьарвалар а. Иза ю сан гІап, со кхин меттахвер вац.
Выбор основного перевода