Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Амци-ЯхІус исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ», – дІаала аьлла. Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна. Ахьа эдомхошна тІехь толам баьккхина. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара». Амма Амци-ЯхІус ла ца дуьйгІира шега аьллачуьнга. ТІаккха исраилхойн паччахь ЯхІуаш яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна дуьхьалвелира. И шиъ тІамца ЯхІуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гІалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. Исраилхоша яхІудхойн эскар дохийра. ТІаккха эшнарш шайн-шайн цІа дІасабевдира. Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегІа а схьаийцира ЯхІуаша. Иштта, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза.
Выбор основного перевода