Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхІун кІанта БаІшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пІелаштамхойн Габитун-гІалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гІалина го бинчу хенахь. ЧІогІа чов хилла волу Юаш Іад а витина, арамхой дІабахара. Ткъа динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІант верна, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Іуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира.
Выбор основного перевода