Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хилларг а гина, яхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу Байт-ХІаган-гІалина тІебоьдучу новкъа тІехула дІаиккхира. ЯхІус, гІудалкх цунна тІаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дІаваккха шен гІудалкхана тІехь». ИбалІам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхІус шен гІудалкх лаьллича, цунна чов йира цара. Ахьаз-ЯхІу, МагІидда-гІала дІа а кхаьчна, цигахь велира. Цуьнан тІеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь дІавоьллира. ЯхІушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара.
Выбор основного перевода