Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иза, хьала а гІаьттина, цІа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тІе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тІехь. Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. Йорама элира: «ГІудалкх дІайожа!» Цуьнан гІудалкх дІаюьйжира. ТІаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а шайн гІудалкхаш тІехь ЯхІуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхІуна дуьхьалвахара, израІалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.
Выбор основного перевода