Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван. Амма Ахьаз-ЯхІун йиша йолчу, ЯхІурам-паччахьан йоІа ЯхІу-ШебаІа Ахьаз-ЯхІун кІант Юаш, паччахьан байа безачу кІенташна юкъара схьа а эцна, дІавигира. И кІант а, иза вакхош йолу зуда а дІавуьжучу цІа чу дигира цо. Иштта, Іатал-ЯхІух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш. Іатал-ЯхІус цу махкахь паччахьалла деш йолчу заманчохь, ялх шарахь, оцу кІентан дола дечу оцу зудчо Везачу Элан цІа чохь къайлаваьккхира иза.
Выбор основного перевода