Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цхьана дийнахь ЯрбаІам Ярушалайм-гІалара араваьлла вогІуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара. ТІаккха АхьъяхІус, шена тІера цІена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дІаваллалц паччахьалла дан. Амма цуьнан кІентан карара дІадоккхур ду Ас и паччахьалла, ткъа хьоьга пачхьалкхан итт декъана тІехь олалла дойтур ду Ас. Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Ас хІинца хоржу хьо, ткъа тІаьхьа ахьа олалла дийр ду хьайн дагна лиъначу хІуманна тІехь. Хьо хир ву Исраил-мехкан паччахь. Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду. Ас охьатаІор ю Даудан тІаьхье, Сулим-паччахьо иштаниг шегара далийтарна, амма иза гуттаренна а дийр дац, цхьана ханна бен“». Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тІом бан ма гІолаш. ХІорра а шен-шен цІа юхаверза, хІунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира. Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хІоттийна? ДІасаца, хьо ца вейтархьама». Пайхамаро, дІа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гІуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догІарна а Дала хьо вен сацам бинийла». ЯхІудхойн паччахьо Амци-ЯхІус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира, иштта дІаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ». Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна. Ахьа боху: „Аса эдомхошна тІехь толам баьккхина“. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара». Амма Амци-ЯхІус шега бохучуьнга ла ца дуьйгІира, хІунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхІуашан кара дІабалархьама.
Выбор основного перевода