Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
РахьбуІам Шехем-гІала дІавахара, хІунда аьлча берриге а исраилхой цига дІабаханера, иза паччахь дІахІотторхьама. Шена иза дІахезча, НабатІан кІант ЯрбаІам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Іаш вара. Амма цара, ЯрбаІамна тІе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТІаккха ЯрбаІам а, массо исраилхой а РахьбуІам волчу дІабахча, халкъо цуьнга элира: «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гІуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хІинца дайдехьа. ТІаккха оха хьуна хьалхара гІуллакх дийр дара». РахьбуІама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тІе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дІадахара. РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла. Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гІуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу». Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуІама дІатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гІуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хІун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“». РахьбуІамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цІазапІелг сан ден гІодаюкъал а стомма бу. Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна“». Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаІам а, дерриг халкъ а кхозлагІчу дийнахь РахьбуІамна тІедеара. Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дІа а теттина, кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуІама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна». Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугІийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой. Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара. Ткъа РахьбуІама ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь Іаш болчу исраилхошна тІехь паччахьалла дира. Цо белхалошна тІехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тІе, амма исраилхоша иза, тІе тІулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуІам сихха гІудалкха чу хиира, Ярушалайме дІавадархьама. Иштта тахханалц а Даудан цІенна дуьхьалбевлла Іаш бу исраилхой. ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа.
Выбор основного перевода