Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда хаьттира: «Шаулан цІийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара ЯхІунатин дуьхьа». Паччахьо элира: «Шаулан цІийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чІагІо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхІунатин кІант ву, когашна астагІа а волуш». Аса хьан элан цІа а, цуьнан зударий а хьуна дІабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кІезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна. Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хІаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хІума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хІума бахьана долуш гІо доьхуш кхайкха». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла. Ткъа галІадхо волчу Барзалайн кІентех къинхетам бе, уьш хьайна тІе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гІо дира суна, хьан веших Абушаламах со кІелхьарволучу хенахь.
Выбор основного перевода